Презентация на тему: "Аз а ,элп а к1"
- Категория: Презентации / Другие презентации
- Просмотров: 1
Презентация "Аз а ,элп а к1" онлайн бесплатно или скачать на сайте электронных школьных учебников/презентаций school-textbook.com
Технологически карта
Класс: 1
Предмет: нохчийн мотт.
Урокан ц1е: Аз а , элп к1
Урокан тайпа: Довзийтаран урок
Урокан кеп: Тобанашкахь болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ, слайдаш.
Х1етал металш
1)Хьалха хи дан кхоьхьуш хилла пхьег1а ?
2)Ц1ера схьа а болу , цунах балар а хуьлу ?
3)Шурех доккху сурсат ?
4)Чохь лелош йолу мачаш?
5)Шозза дуьнен т1е даьлларг?
6)Ж1аьлин бер?
7)Дуьйш-лелош долу ялта?
8)Х1окху дуьнен т1ехь хан мел йоккху
ган йиш йоцу х1ума ?
Ненан самукъа.
Оцу хазчу дийнахь Са1идан бешахь олхазарийн эшаршца цхьаьна декара берийн самукъане аьзнаш. Шуьйра д1аса гаьннаш а даржийна, ц1ечу зазаца кхелина лаьттачу боккхачу 1ожа к1ел сийначу бай т1е хиьна 1ара Курсам. Зезаган курс ловзош яра цуьнан карара жима йо1. Дуткъа декачу озаца эшарш а лоькхуш, зезагаш лехьош лелара Нуржан. Цаьрга хьоьжучу Курсаман юьхь йоьлура.
Дагардар
Зин-гат, зингат ,хьо мичахь ду?
1ежийн бешахь чай молуш ду.
Чай, чай чай ду-
Чай ца кхаьчнарг-д1аволуш ву
Шурийн стака
Цхьана жимчу юьрташ вехаш хилла цхьа к1ант. Чо1ог1а къечу доьзалер хилла и к1антДанне дах1ума а ца хилла иза почтальон балха вахан хилла.
Шурийн стака
Цхьана дийнахь посылка д1аэцна цхьа зуда йолча вахна и к1ант.Мацалла тоха са ца хилла ,хи дехна цу к1анта.
Шурийн стака
Цуна дагахь дерг хиъна цу зудчо стаки чохь шура елла цу к1антана.Меллаша мелла а ваьлла хаьттина цу к1анта : «Ша мелла дала деза аьлла»?.
«Шен х1уммаъ дала дезаш вацкх хо»-элира зудчо. Шен нанас 1амийна шаьш , бинчу дикачу белхах мах ма баккха аьлла.
Шурийн стака
Цул т1аьхьа шортта хан яьлла .Цу к1антах массарна а вевзаш лор хилла. Цунна т1е цхьа зуда еъна хилла цхьа хала лазар долуш. Лоьран евзан мацах шена шурий стака делла йолу зуда.
Шурийн стака
Лоьро шен динчух дарба хилла йоккхачу стаган , амма д1адала дезачу ахчанна г1айг1ане хилла , шегахь мел долчух ера юкх ша аьлла.
Физминот
Маьлха серло яржале
Цхьаъ, шиъ, кхоъ,
Г1енаш лахка човхаде
Цхьаъ,шиъ, кхоъ,
Йиша- ваша г1аттаде
Цхьаъ, шиъ, кхоъ,
Физзарядка йолае
Цхьаъ, шиъ, кхоъ.
Анаграммаш
Изза элпаш юкъахь а долуш дешнаш кхолла (элпаш дехьа –сехьа а дохуш):
321 321
нах- нал-
3412 3412
раса- рама-
Караде совнах дош
Муьлха дош ду х1ора мог1анехь сов? Схьа а лахий , т1е сиз хьакха цунна.
Говр, газа, етт, борз.
Аьрзу, ч1ег1ардиг, котам, къиг.
Ча, сай, цхьогал, гомаш.
Бад, г1аз, бух1а, москал.
Зингат, моза, чуьрк, лаьхьа.
Пет1амат, Аслан, Куржан, Малика.
Рефлекси
Аш дийцийша, кху урокехь
Барий меттиг сингаттамна?
Куьг айъийша леккха, леккха,
Самукъадолуш болх бинчо.
Керла муьлха аз а, элп девзи шуна?
-Мукъа ду, я мукъаза ду?
-Зевне ду, я къора?
-Х1ун 1алашо яра вай урокан?
-Вай 1алашо кхочуш хиллий?

![к1
Элп к1э ,
аз [к1] –
мукъаза, зевне,

Хила тарло ч1ог1а [к1],
Хила тарло к1
Элп к1э ,
аз [к1] –
мукъаза, зевне,

Хила тарло ч1ог1а [к1],
Хила тарло](https://vvoqhuz9dcid9zx9.redirectto.cc/s11/1/3/9/5/5/2/9.jpg)

![КI кI [кI]
КI кI [кI]
](https://vvoqhuz9dcid9zx9.redirectto.cc/s11/1/3/9/5/5/2/12.jpg)