Презентация на тему: "20.10.22. Презентация по чеченскому языку на тему _Цхьана маь1нийн а, дукха маь1нийн а дешнаш_ (2 класс)"
- Категория: Презентации / Другие презентации
- Просмотров: 79
Презентация "20.10.22. Презентация по чеченскому языку на тему _Цхьана маь1нийн а, дукха маь1нийн а дешнаш_ (2 класс)" онлайн бесплатно или скачать на сайте электронных школьных учебников/презентаций school-textbook.com
Урокан ц1е:
«Цхьана маь1нийн а, дуккха маь1нийн а дешнаш»
Кечйинарг: Джабраилова Л.К.,
хьалхарчу классийн хьехархо
Родной (чеченский) язык
класс
Хаарш жигардахар
Муха язйо долара ц1ераш?
Стенах лаьтта дош?
Предложени стенах лаьтта?
Стенна оьшу вайна предложени?
Меттан дерриге а дешнех лексика олу.
Х1ора дешан лексически маь1на ду.
Лексика грекийн маттара т1еэцна дош ду.
«Лексис»- нохчийн маттахь ДОШ бохург ду.
Цхьа лексически маь1на долчу дешнех цхьа маь1на долу дешнаш олу.
Масала:
Г1ант, хох,1аж, малх, куьг, стол, керт.
Шиъ я цул сов маь1на долчу дешнех дукха маь1наш долу дешнаш олу.
Масала:.
Ц1е – 1. пешара ц1е; 2. адамийн а, кхийолчу х1уманийн а ц1е.
Мотт – 1.багара мотт; 2. буьйцуш болу мотт; 3.доьхкаран мотт; 4. д1авуьжуш буьллуш болу мотт.
Не1 -1. ц1ийнан не1; 2. бежанан не1.
Ча -1. экха а ду; 2.докъар ду;
1амийнарг т1еч1аг1деш, т1едиллар кхочушде:
1. Д1адеша дешнаш. Къастаде цхьа маь1на долу а, дукха маь1наш долу а дешнаш.
Мохь, моз, ботт, мотт, кор, дуга, юьхь, шура, к1алд, лерг.
Дешнаш иштта къастийна хила деза:
Цхьа маь1на долу дешнаш:
Моз, кор, дуга, шура, к1алд.
Дукха маь1наш дерш:
Мохь, ботт, мотт, юьхь, лерг.












