Школьные учебники / Презентации по предметам » Презентации » Другие презентации » Презентация к уроку чеченской литературы на тему "Ден весет"

Презентация на тему: "Презентация к уроку чеченской литературы на тему "Ден весет""

Презентация к уроку чеченской литературы на тему "Ден весет" - Скачать презентации бесплатно ☑ Презентации по предметам на school-textbook.com
Смотреть онлайн
Поделиться с друзьями:
Cкачать презентацию: Презентация к уроку чеченской литературы на тему "Ден весет"

Презентация "Презентация к уроку чеченской литературы на тему "Ден весет"" онлайн бесплатно или скачать на сайте электронных школьных учебников/презентаций school-textbook.com

Хьехарсахьтан ц1е:
Дийцар « Ден весет».

1 слайд

Хьехарсахьтан ц1е:
Дийцар « Ден весет».

1алашонаш:
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
к
2 слайд

1алашонаш:
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: керла дийцар «Ден весет» довзийтар; нийса, кхеташ шера йеша 1амор;
кхетам – кхиор: дега а, нене а болу безам к1аргбар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна йевзар йу халкъан барта  кхолларалла йовзийтар, цуьнан тайпанаш девзар
3 слайд

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна йевзар йу халкъан барта кхолларалла йовзийтар, цуьнан тайпанаш девзар ду. Берашна хуур ду чулацам схьабийца. Берашна 1емар ду нийса а, шера
а, кхеташ а дийцарш деша 1амор. Берашна ширачу дийцарийн маь1нах кхета хуур ду, дийцаран хьекъал девзар ду. Халкъан барта кхолларалле безам кхоллар.

Дешаре шовкъ кхоллар.
Кица «Йалсамани ненан когаш к1елахь йу».
- Муха
4 слайд

Дешаре шовкъ кхоллар.
Кица «Йалсамани ненан когаш к1елахь йу».
- Муха кхета шу кху дешнех?
- Х1ун дан деза йалсамани йаккха? Хала
дуй и йаккха?
- Дех лаьцна муха аьлла хьадисашкахь?

1алашо йовзийтар.
-   Муьлха дийцар ду вайна 1амо билгалдаьккхина?

5 слайд

1алашо йовзийтар.
- Муьлха дийцар ду вайна 1амо билгалдаьккхина?
- Вайна тахана девзар ду халкъан барта кхолларалла,
цуьнан тайпанаш. Вайна тахана девзар ду халкъан
шира дийцар «Ден весет».

Хьехархочун дош.
Халкъан барта кхолларалла иза нохчийн халкъо кхоьллина пр
6 слайд

Хьехархочун дош.
Халкъан барта кхолларалла иза нохчийн халкъо кхоьллина произведенеш йу. Нохчийн халкъан произведенеш тайпа – тайпана йу: дийцарш,
х1етал – металш, туьйранаш, кицанаш. Уьш ширачу заманчохь вайн халкъо шена хазделлачух, гинчух, зеделлачух лайна йаьхна. Цу заманчохь йоза хилла дац. Уьш вайн замане йевла адамаша вовшашка йуьйцуш.

1. Хьехархочо д1адоьшу шира дийцар «Ден весет».
2. Дийцаран чулацамах къамел дар.
Х1ун т1еди
7 слайд

1. Хьехархочо д1адоьшу шира дийцар «Ден весет».
2. Дийцаран чулацамах къамел дар.
Х1ун т1едиллина дас шен берашна?
(Цхьацца сара а бохьуш чудуьйла).
Х1ун дайтина дас серашна? (Уьш вовшах
бехкийтина цхьаъ болуш санна)
Х1ун т1едиллина дас к1енташна? (И нуй кагбе аьлла)
Х1унда ца кагбелла нуй? (Иза онда бу)
Х1ун т1едиллина дас шолг1а? (Х1ора сара ша – ша баккхар,
уьш кагбар)
Х1унда кегбира серий к1енташа? (Уьш г1ийла бу)
Х1ун хьекъал деллера цул т1аьхьа дас? (Вовшах ца бовлар)

Сада1аран минот.
Чехкааларш:
Къена къиг – ц1оькъа лом.
8 слайд

Сада1аран минот.
Чехкааларш:
Къена къиг – ц1оькъа лом.
Къорза къийгаш къехкайо къийгаша.

Дозуш долу къамел кхиор.
1. Ден – н
9 слайд

Дозуш долу къамел кхиор.
1. Ден – ненан дозалла.
- Дагадаийтал вай далийна кица?
(Йалсамани ненан когаш к1елахь йу»).
- Х1унда аьлла и иштта?
- Х1унда хила беза дегий, нений лерам?
Х1ун халонаш лов цара шайн доьзал бахьана долуш?
- Х1ун бала лов нанас?
- Дас?
- Шун х1ун декхар ду дений, нанний хьалха?
- Аша муха кхочушдо шайн декхар?
- Дас, нанас аьлларг кхочуш ца деш меттиг хуьлий шун?
- Дай, наний къинт1ера доккхий аша? Муха?

2. Байт «Нана» таллар.
Шен си
10 слайд

2. Байт «Нана» таллар.
Шен сил а мерзаниг
Малхал а хазаниг,
Х1ун хир дуьненчохь
Хьол хьоме, Нана!
Са чохь мел долчунна
Ц1ий, дог, 1аь йу Нана!
Лаьтта т1ехь х1уммаъ дац
Йа цкъа хир а дац
Хьол деза лара.
- Муха дешнаш аьлла поэто шен ненах лаьцна?
Муха хета цунна шен нана? (Хьоме, йеза)
Х1ун хета цунна шен ненал деза?
Реза дуй шу цу дешнашна?

1. 1аматца болх бар.
Бераша д1адоьшу з1енаца дийцар «Ден весет».

11 слайд

1. 1аматца болх бар.
Бераша д1адоьшу з1енаца дийцар «Ден весет».
2. Жам1 дар.
Муьлха дийцар дийци аша урокехь?
Муха хийти шуна дийцар?
Х1ун дара гуттар хазахеташ дерг?
Х1унда?
Х1ун хьоьху вайна цо? (Бертахь дахар)

Рефлекси йар:
Х1ун дан ницкъ кхечи шун?
Х1ун диси ца далуш?
Суна йевзи…
Суна 1ем
12 слайд

Рефлекси йар:
Х1ун дан ницкъ кхечи шун?
Х1ун диси ца далуш?
Суна йевзи…
Суна 1еми…
Аса д1айийши…

Ц1ахь болх болх.
1.  Шера д1адеша дийцар «Ден весет».
2.  Шайн ден
13 слайд

Ц1ахь болх болх.
1. Шера д1адеша дийцар «Ден весет».
2. Шайн дений, нанний цхьа дика г1уллакх де.

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!
Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

14 слайд

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!
Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

Отзывы по презентациям на сайте school-textbook.com "Презентация к уроку чеченской литературы на тему "Ден весет"" (0)
Оставить отзыв
Прокомментировать

Путеводитель по миру знаний. Тем, кто хочет учиться.

Свяжитесь с нами